Свернуть поиск
Правая колонка
ков тоьхна веа со, хан йоцчу хенахь хьо гIаттош
мохь тоьхна веа со,хьан шерийн тийналла Iадош
утармех дIатесна Iаспар сайн къена сингаттам
хьан уьйтIа вели со йохалла Iожалла хадош
гой хьуна къу ву-кх со хIара ду-кх ас дина къола
айкхалла диллина ахь лехнарг хIара ду-кх хьуна
къена къанваллалца дуьненах эхартах волуш
къера къарваллалца идийнарг хIара ду-кх хьуна
гой хьуна сан бIаьргаш уьш эхьан мархано баьхна
гой хьуна сан куьйгаш доIанаш дицделла царна
хьох ваьлчахьана со лаьхьанал лурвоьлла ваьхна
сибат а дайна сан сийлахьчу некъашна варна
ца ваьлла ког боккхуш боьшана хьозано санна
ца ваьлла дош олуш сo къаьхьа замане хьийжи
ца ваьлла вижича дуьне гуш маьлха-каш санна
халбатахь обарган бIаьрхишца санна со тийжи
берд текхна хьеха чохь аьзнашка ладоьгIуш санна
генара ларйи ас хIора а дуьненан Iуьйре
набахтен наьIарехь серлонна сакх тутмакх санна
экама хьийжи со хIора а адамийн уьйре
тоьшалла гулйина сайн денойн буьйсанийн тоба
айкх йина мукIарло ца деза сайн деган аьрго
хьан кхеле деа ас эзарза дохийна тоба
хьан кхеле еа сайх эзарза кхаьрдина мIаьрго
сатуьйсуш ехи хьо сатуьйсуш цкъа мацахлера
хIораза маликаш лаьтта тIе дуьссучу хенахь
бIаьрхишка ерзийна ойланаш цкъа мацахлера
доIане дерзийна цкъа мацахлера вайн гIенаш
гой хьуна къу ву-кх со хан йоцуш-м ду хIара хIинца
Дела бен теш воцуш-м ю хIара вайн шира тховса
цкъа мацахлерачу вайн ирсах диссина цинцаш
хьан синтем хьан тешам ас юхаберзабо тховса
дешнаш - Бисултанов Апти
мукъам баьккхинарг а, илли дIаолург а - Келоев Iийса

Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев