Свернуть поиск
Правая колонка
Байт йоьшуш верг ву Бисултанов Апти..
Илли
буьйса кIора санна
догIа серий санна
дийцар доIа санна
дуьйцу йоккха-саг а
тIекъевлина ши бIаьрг
до цо шабарш-шибарш
дагтIе корта биллина
дIасатехка йиллина
со Iа дохдан Iемаш
сайн дашийна тIемаш
урамашкахь гIенаш
дайна лела гIемаш
ладарш оьхуш тхов бу
гIайгIа хьоьхуш ков ду
вогIучунна диллина
дIасатехкаш диллина
ткъа вежаршца нана
цIа ян мега кхана
хIара буьйса кхачалахь
хьеран тIулг ца кхачабахь
еха буьйса еха
со мел веха еха
со элпал а вацара
дIаяздина дацахь а
хууш ву со хиллий
сайн цу буса илли
Бисултанов Апти, 1988 шо

Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев