Свернуть поиск
Дополнительная колонка
Правая колонка
Хьалхара:
Цхьа бӏе шо герг хан яьлла, амма цу хенера кхетам хӏинца а кхин хийца ца белла:
-Гӏаскхийчуьнна хьалхара тӏом бар - мохк лар бар хеташ!
-Гӏаскхийчуьнна хьалхара тӏом бинарг - турпалхо ларар!
Дин, я гӏиллакх, я ӏадат, я амал, я мотт цхьана ца богӏучу васильех накъост вина, цуьнца сискал йоькъуш, цхьана хаттал керчаралла дегаза хӏун хир ду?!
Шозлогӏа:
Киншка язъочуьнна оьзда яз ян ца мега моьтту те, хетарехь киншка язъорехь шен кепара хайп олу хӏума долчух тера ду оьзда доцург цу чу язъор, цхьа а оьзда доцург ца язъош язъйина киншка ян а юй аьлча, хала хаттар хила мегар! Дин дуьйцучехь ларош йолу оьздингалла, ца лар йича бехк буьллуш, амма киншкаш язъочара ларош ца го-кх иза!
Кхозлогӏа:
«Цӏерачех къайлаха йоӏ ядар, тӏехьийза кӏантана тӏехь яхар» бохуш язъош йолчу киншкаша кега йо ойланаш кегирхойн, кинош хьежаро ма кега ярра, иштта дерг лелла вайна юкъахьа-м боху ойла коьрте яра а ду кегирхошна кхераме, цундела, баккъалла лелларг а ду къайла дахьа дезаш.
🚀Ӏадлан Харачо ( https://t.me/adlan_haracho )

Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы посмотреть больше фото, видео и найти новых друзей.
Нет комментариев